Monday, August 1, 2011

БАТТО САГАТДО


Орцан дукъах дато маIаш
Туьйсуш, батто сагатдо.
ЦІестан кІудал нохчийн йоІа
Шовдана кІел сецайо.

Хета, баттах схьаІийдалуш,
КІудал юзу щовдано.
Нур-зІаьнаршца безам муьйлу,
ИоІах хьерчаш, цу батто.

КІудал юьзна... Іанаоьху
БІаьрхих терра дато хиш.
Ткъа, йоІ гичи, дог а лехий,
Нохчийн кІанта лоькху йиш:

«ИоІ, хин чами кховдабехьа,
Чохь беттан нур даржадай!
Ткъа, беттан нур ца лахь айхьа,
БІаьргийн нур ло суна хьайн!

Маржа! ХIинцца доцу кема,
Ткъесах гІатта космосе.
Маршал хоттуш, даржо тІемаш
Хьол генарчу седане!

Лоцур дар-кха стелахаьштиг,
Стиглахь кхарсто сийна цІе,
Стиглан дари цІарца дагош,
Хьан цІе язъян цунна тІе!

ЙоІ! Хин чами кховдабехьа,
Чохь беттан нур даржадай!
Ткъа, беттан нур ца лахь айхьа,
БІаьргийн нур ло суна хьайн!»


Мукъам В. Дагаевн

No comments: